ХlОРА ДЕ А НЕНАН МАТТАЦА
Тахана, мангалан беттан 14-хь, Нохчийн меттан институтан белхахой «Светлячок» лагере бехкира
Садаа далочу берашца «Нохчийн меттан де»
дlадахьаран гурашкахь тахана а керла ловзарш вовшах а
тухуш, самукьне дlадаьхьира цхьаьнакхетар.
Байт йоьшуш, илли олуш йа тедахкарш нийса
кхочушдарца жигаралла гайтинчарна тайп-тайпана
совгlаташ а, Нохчийн Йаздархойн Союзо йаийтина
киншкаш а йелира.





